Нохчийн Баллада - Апти Бисултанов

¤Нохчийн баллада¤ Ваа сарахь суьйренца, Бузучу малхаца, КIайн нускал ва санна, Шен гила кечбина Ша аравелира Ша ааравелира Шаа аравелира сий долу къонаха. Воо стенга воьду хьо? ХIун дайна лела хьо, Доладан да воцуш, Хьайн хIусам йитина, Метта-мотт бовзанза, КIайн нускал дитина, Воо стенга воьду хьо, ХIун дайна лела хьо? И ненан шийла мохь ца хезаш биссира, Лаьтта тIе шайн рожехь маликаш диссира МостагIчо мохк боккхуш Дош аллал ца хилларш Лоллин синкъерамехь Тхьамдалла хуьйшучохь ХIурлаIа мехкаршца Дала мах биначу Къонахийн мах хедо Хабарчаш хуьйшучохь ХIусамах Iебийла ХIусаман меха верг Нускалах Iебийла Нускалан мега верг Маршонах кIайн нускал Дина верг Iебар вац Мехкан да воцуш верг ХIусаман да а вац Сай бижа боьдучу Куоканан коьллашкахь Батто гIум къегочу Цу Теркан тогIешкахь МостагIийн жIаьлешца Мохк къовса воллу ша Шен докъах беза мах Биехийта в