Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо лараме ВАША Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!

Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо лараме ВАША Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! ХIара де републикин дезачу деношна йукъахь сийлахь меттиг дIалоцуш ду. Ткъа регионан куьйгаллин коьртачу гIуллакхех ду нохчийн маттаца ховха йукъаметтиг хилийтар. Иза уггаре а хьалха хIора къоман истори хиларна. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) нохчийн къоман мотт а, культура а ларйар коьрта гIуллакх лорура. Цуьнгара гIо хуьлура йаздархошна, журналисташна, меттан Iилманчашна. Тахана Нохчийн Республикехь дерриге а хьелаш кхоьллина ненан мотт кхиорна, баржорна. Регионехь ненан маттахь даима а тайп-тайпана конкурсаш, фестивалаш дIахьо, книгаш а, Iаматаш а арахоьцу. Цул сов, 2023-гIа шо – Нохчийн меттан шо ду аьлла дIакхайкхийна дара. Къоман Лидеран тIедилларца Нохчийн Республикин Мехк-Да волчохь нохчийн мотт Iалашбарехула а, кхиорехула а Экспертан кхеташо кхоьллина. ЧIогIа дехар ... Source: Ахмед Дудаев