Нохчийчоь, сан сирла седа!

«Нохчийчоь, сан сирла седа!» Байчу мохо ийдеш т1ома, Хьоьсташ малхо, беттасино, Кхуьуш зезаг суна гира, Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь. Гена махкахь лелаш хиларх, Сан даг чохь хьо даим хилла: Са гатта делча – хоьжуш г1ийла, Деладелла – векхна хилча. Шарал дахлуш доца денош, Дагах лестарх шийла шело, Цо ницкъ лора ларбан тешам, Нохчийчоь, сан деган безам. Хан т1екхаьчча – къаста дезаш, Чакхе декъал еш сай некъан, Ганн лаьаркха и хьан зезаг, Нохчийчоь, сан сирла седа.. Яндарбин Зеламха 1987 шо