Муцураев Тимуран эшаршца бехарш

Нохчийн бардо Муцураев Тимура эшарш лекхар дитинехь а, цуьнан «тIеман репертуар» тахана а яц йицйина. Оьрсийчоьнан «шолгIачу шахьарара» -Петарбухара - ю Къоьзан-Iома тIера туркомплексе Муцураевн а, нохчийн кхечу авторийн а эшарш лакха деношкахь еана хилла Супрунова Алиса. Тоъал цIеначу нохчийн маттахь хеза цуьнан аз.